http://www.marsho5jlvj4v5bv5zatvfzg6gd33hrykaejm2fpdxegxgqqazs76hqd.onion/a/32221937.html
ГIадужу-беттан 7-чохь – официалехь "тийсадаларш" хила де дисинчу хенахь- урхалло бехкзуламан гIуллакх айдира бархI дагестанхо лачкъорца доьзна. 2016-чу шеран гIадужу-беттан 9-чу буча, МВД-н версица а догIуш, Герзельна а, Энгель-Юьртана а юккъехь нохчийн полисхой гIоьртинера талламбан ВАЗ-2107 а, ВАЗ-2114 а машенаш совцон, амма машенлелорхой а, цу чуьра пассажираш а автоматаш йетта буьйлабелира, граната а кхусуш.