http://www.marsho5jlvj4v5bv5zatvfzg6gd33hrykaejm2fpdxegxgqqazs76hqd.onion/a/30418490.html
ЖехIалчу жайнаша жимчохь Iехорна, Iесачу некъа тIехь айпаш лехьорна, Мел боцуш, эрна дукъ айса текхорна, Дог дохко даларца, Деле со хьоьжу. Кхоьллинчо кхийдо некъ бIаьргашна байна, Шен дагна хилла чов собардеш лайна, Вовшашца догмерза, вовшашца тайна, Вай маца нислур те бохуш, со хьоьжу.